Син1аткъаман 1илма

Психологи олу дош латински маттахь оьрсийн матте даъкххичи «наука о душе», нохчийн маттахь «син1аткъаман 1илма».

Вайна ма-хаара, синош Дала кхуллуш ду. Дала кхоьллинчу синах, вайн дийца дукха хир дац. Са, оьрсийн маттахь аьлча, «информация» ю, ткъа вайн маттахь «хаам». Х1ун хаам бу иза? Дайн, нанойн хаам, церан ойланийн, церан амалийн, церан дахаран хаам. Делахъ а син1аткьаман говзанчаша бахъарг пайда бац, ала мегар дац. Цхъана бахьанийца и са кху дуьненчу а даьлла, цуънгахъ цхьа бала белахь, и бала муьлхачу бахьница кхоллабелла а толлуш, и айбеш, цу сина а, дег1ана а тем беш, пайда бохъу цара шайн ницкъ кхочучу барамехъ.

 

Вайн дег1ан чарх сино лелош ю, амма ма бале лоцукх оцу дег1о и са. Оцу дег1ана хазаниг, мерзаниг деза, ткъа сина ц1енаниг, оьзданиг деза, ша дуьненчу кхуллуш ма- хиллара. Т1аккха a deг1o шен лакхе йокхху. Доьзалхо дуьненчу валар докхха а, деза а ду, иза адамо шех юътуш лар ю. Ша бахьана долуш доьзалхо дуьненчу валале адамо ойла ян еза, соьгара х1ун дика оьцур ду цу беро? Аса х1ун лур ду цунна? Я хьекъалца эшам болуш, я дег1ан меженца эшам болуш доьзалхо кхоллавеллехь, совг1атца т1еэца деза. Иза Дала хьан кхетам зуьйш, хьан собаре хьожуш луш ду боху. Бер, цомгуш дерг xleтe а, уъналлийн ч1аг1онца кхион деза. Оцу беранна гайта деза, ша мел дезаш хьокху дуьненчу даьлла. Д1адийна ялтан буъртиг асарах санна, вочух лардеш 1уналлийн ч1аг1онца кхоон деза бер . Ша шена эхана ах вита веза, ах сов беранна д1авала веза.

Аллах1 хууш верг ву. Кху дуьненчохъ мел долчу х1уманан да вина, пайда эца а, пайдехъ хила кхоьллина адам. Уггаре а бокхха пайда бу иманехь т1аъхъе кхиор. Хьалхара ден, ненан, (беран 1уналла дечун), хъехархочун, адамийн юкъараллехъ кхоъллина йолчу меттигийн а, масала:син1илманийн, социальни, могашаллийн, декхарш ду; берашна т1ехъ 1уналла дар, церан хьашташка хьажар, царна г1одар.

 

Подготовила Хагаева Л.А., педагог-психолог.